"Ненан мотт"

25.03.2021

«Шен ненан мотт халкъо, сий ойбуш, 1алашбахь, цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц», - аьлла нохчийн воккхачу яздархочо Мамакаев Мохьмада. 

Нохчийн мотт - и гIиллакх ду, культура ю, тезет лелор, зуда ялор, йигар ду, илли, литература, ловзар-синкъерам бу, халкъан юьхь, куьзга, хатI-амал ю. Цунах доьзна ду вовшийн уьйраш, гергарло, хазахетар, халахетар, халкъан сий, къонахчун яхь, адамаллин хьекъал, кхетам. Нохчийн мотт уггаре ширачарех цхьаъ хиларан тоьшалла до ширачу тептарша, вайн барта кхолларалло, генарчу хенийн дийцарша, турпаллаллин иллеша.